Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІадоьлхучу хенахь суна церан тІемийн гІовгІа хезара. Церан тІемаша, дІадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гІовгІа йоккхура. И гІовгІа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гІовгІа санна хеталора. И дийнаташ дІадоьлхучуьра совццушехь, тІемаш церан агІонашна тІедуьжура. Каруб-маликаша лестош долчу тІемийн гІовгІа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа цара шайн тІемаш хьалаайдича, лаьттара хІаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.
Выбор основного перевода