Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина, хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара. Шайн бІаьргашца го царна, Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш. Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. Везачу Эло элира: «Шуна тІе гІаролхой хІиттийра Аса. Коьман маІаца орца даккхаре ладогІа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугІур дац!“ – аьлла. Ткъа хьох, адаман кІант, Исраилан халкъан гІаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цІарах цаьрга дІахьедан деза ахьа. Ас зуламечу стаге: „ХІей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьга жоп доьхур ду. Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедар динчул тІаьхьа, иза кхин дІа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду».
Выбор основного перевода