Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тІе бохам баийта сацам ма бира!» Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Іехориг а, Іехийнарг а. ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хІоттийнашехь?» Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тІаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хІума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
Выбор основного перевода