Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш. Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. Сайн оьгІазаллехь а, дераллехь а хьуна тІехь, кхел а йина, таІзар дича, хьох эхье хІума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дІахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса. Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цІерах кІелхьарбевллехь а, хІинца цІаро уьш дІакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода