Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шуна юкъахь Іаш волчу тІевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цІийнах болу боьрша нах сунтбе. ТІаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДІаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагІахь, ткъа иза шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цІушка хьаьжжина хир ду! Веза Эла волчу Суна тІаьхьахІиттинчуьра дІабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хІаллакбийр бу Ас».
Выбор основного перевода