Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу Іуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тІекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу латтанаш тІехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе.
Выбор основного перевода