Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла. ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора. Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса». Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш. Амма ахьа цуьнга дІахьедар динчул тІаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду. Нохьий, Даниаллий, Аюббий цигахь Іаш хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, Хьалдолчу Эло, – ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а цаьрга кІелхьарбахалур бацара. Цу кхааннан шайн дахар кІелхьардаккха ницкъ кхочур бара, ткъа и латта дассаделла дІахІуттур дара. ткъа нагахь санна и кхоъ цигахь хилча, тІаккха а – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цаьрга шайн кІентий а, йоІарий а кІелхьарбахалур бацара. Шайн дахар бен оцу кхаанга кІелхьардаккхалур дацара». Иштта боху Везачу Эло. Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кІелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кІелхьардоккхур дацара». Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а. Хьо доІа дан волавелча, хьан доІанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дІакхайкхо деана со. ХІинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхІоьттинчу суьртах а кхета. Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо.
Выбор основного перевода