Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Цо элира: «Адаман кІант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду, Ас шуна тІе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хІаллакдархьама. Аса шуна тІехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хІаллакбийр бу. Сайн ницкъ царна тІе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тІера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гІалина тІекхаччалц Ас дассийна дІахІоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Нагахь санна Ас, цу лаьтта тІе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тІехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хІаллак а дойтуш, «Я Аса цу лаьтта тІе Іожаллин ун хьажор дара, царна тІе ерриг а Сайн оьгІазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хІаллак а деш. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хІара мохк» – боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода