Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хІинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогІа Везачу Элера болчу хааме!“ «Адаман кІант! Къилбехьа дІаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе. «Адаман кІант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
Выбор основного перевода