Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дІавоккхур ву иза, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гІаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тІулгаш тогІи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.
Выбор основного перевода