Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хІума а Везачу Элана дегаза хета. Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“». Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хІума ца юьллучарна цара тІом дІахьебо. Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агІор хуьйцу цара. Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Іалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега.
Выбор основного перевода