Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло уьш хІаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дІахІоьттира, Везачу Элан дералла нах хІаллакбечуьра дІа а ерзийра. Амма Пайнехьас, дІа а хІоьттина, юкъарло йира, тІаккха и ун дІасадаьржачуьра сецира. Хьан халкъо юхаметтахІиттор ю шира херцораш, юха а дІахІиттор ду дуккха а тІаьхьенаша дитина цІенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Іархьама, юхаметтахІиттош верг а эр ду». Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хІума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кІезиг гІо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хІуманашка церан мацалла а дІаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хІунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. Пен тобан, пенна Іуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дІахІотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хІаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.
Выбор основного перевода