Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІан гина волчу пайхамаро, шена гІенах гинарг гІан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дІадийца деза. Кегаш цІена кІа ма дац! – боху Везачу Эло. – Соьгара болу хаам цІе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. Иза иштта хилча, – боху Везачу Эло, – вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. Иштта, – боху Везачу Эло, – шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. Харцонех дуьзна гІенаш дІадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, – боху Везачу Эло. – ГІенаш дІа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Іехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», – боху Везачу Эло. qac Оqac*лура хьан пайхамарша даьссаниг а, харцдерг а. Хьо йийсаре ца яхийта, гучу ца яьккхира хьан Іесалла. Цара дуьйцу хиндерш а, адам ледеш, харц ма ду. Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса.
Выбор основного перевода