Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш. машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Мехкан пайхамарш вочу пена тІехь кир тухуш санна лела, хІунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хІумма а ца дийцинехь а.
Выбор основного перевода