Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац. Аса зуламечу стаге дІахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТІаккха иза, шен къиношна тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло. Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дІалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац. Цо хьалха лелийна долу вонаш Ас дагадоуьйтур дац. Цо бакъдерг а, нийсо а лелийна, цундела иза билггал вехар ву. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.
Выбор основного перевода