Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац. Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тІе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дІавоккхур ву иза, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Іушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидІа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кІелхьардоккхур ду. Сан уьстагІий церан даар хилла кхин дІахІуьттур дац’“». Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду.
Выбор основного перевода