Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, Мисар-махкахь Іаш болчу яхІудхошка дІаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхІуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гІалахь а, Тахьпанхьас-гІалахь а, Нуп-гІалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХІара бу и хаам: Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.
Выбор основного перевода