Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тІаккха ваша веших а, доттагІа доттагІчух а, гІала гІаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш. Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тІехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Нил-хи а жимлур ду, арахула догІу хи а, лакъа а лекъна, дІадер ду. Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Нил-хин бердашна тІехь йолу ораматаш а, цигахь дІа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дІаса а даржийна, уьш кхин хир дац. Нил-хи чу мІара тосуш болчу чІерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу. Ветанах хІуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КІади дуцурш гІайгІане хир бу. КІадидархой боьхна хир бу, тІелаьцна белхалой гІаддайна хир бу. ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла. ПирІунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирІуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кІант ву»? Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хІинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хІун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а! ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. Мисар-махкахь цхьаьнгге а хІума далур дац шен къомана – коьрте а, я цІогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. ЯхІуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Іадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш. Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гІалахь канаІанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чІагІо а йийр ю. Цхьана гІаланах «Маьлхан гІала» эр ду. Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагІа доккху кхерч хІоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тІулг хІоттор бу. И хІуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дІахІуттур ю. Мисархоша, шайна мостагІаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргІатбохур бу уьш, царна тІе уьш кІелхьарбохург а, гІодоккхург а вахийтина. Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кІен а сагІанаш а дохуш, Іибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара. Везачу Эло мисархошна таІзар дийр ду. ТаІзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тІебоьрзур бу. Церан доІанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо. Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богІур бу, мисархой Ашур-махка гІур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Іамал еш хир бу. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам». Цара „Тхо стенга гІур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТІаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, туьро вен леринарг туьрана гІур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гІур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву. Аса Ярушалаймана таІзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. Мисар-махкана тІелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре иштта хаам бира: Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дІалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тІехь талораш а дайтина, церан бахам шен тІемалошна, алапа санна, дІабалийта. Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгІатна дІалуш ду, хІунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода