Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! „Нагахь санна шу хІокху лаьтта тІехь совцахь, Аса шу юхаметта а хІоттор ду, дохор а дац. Аса шу дІа а дугІур ду, орамашца схьа а дохур дац, хІунда аьлча Со хІинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш. Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кІелхьардохур а ду. Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“. Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугІуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхІуд-махкахь. Тхо Мисар-махка дІа а гІур ду, цигахь Іийр а ду, цу меттехь тхох тІом а хьакхалур бац, тІаме кхойкхуш долу коьман маІан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“. Нагахь аша иштта алахь, ЯхІуд-махкахь дийна бисинарш, тІаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогІа деза. ЛадогІа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дІадаха а, цигахь Іан а баккъал сацам бинехь, шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тІаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тІекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду. ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“. Хьо и тептар дІадешна ваьлча, цунах тІулг дІа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса.
Выбор основного перевода