Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц – тІеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дІадедира, шаьш хашадхойх кхерарна. Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла. ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна. ИсмаьІала дерриг а МицІпа-гІалахь дисина долу халкъ дІалецира. Царна юкъахь паччахьан йоІарий а, иштта МицІпа-гІалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кІантана Гадал-ЯхІуна, дола де аьлла, дІабелла бара. Йохьанан кІант ИсмаьІал, уьш дІа а лаьцна, Іамминхой болчу ваха новкъа велира.
Выбор основного перевода