Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тІаьхьенах болу паччахьаш хІокху паччахьан цІенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гІудалкхашна а, говрашна а тІе а хийшина, кхузахула чубогІур бу. Цара Ярми-ЯхІуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь. И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугІурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугІуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду». „Нагахь санна шу хІокху лаьтта тІехь совцахь, Аса шу юхаметта а хІоттор ду, дохор а дац. Аса шу дІа а дугІур ду, орамашца схьа а дохур дац, хІунда аьлча Со хІинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш. Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кІелхьардохур а ду. Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.
Выбор основного перевода