Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Цу хенахь Везачу Эло хІаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дІабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна. ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. Хьайн корта хьала а айий, гонах дІасахьажа. Берриг а хьан кІентий, гул а белла, хьо йолчу цІа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чІагІо йо Ас, – боху Везачу Эло, – зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна. Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
Выбор основного перевода