Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал, зуламхойн гІера ю сан са лоьхуш. Хьоьга ларам бац церан. Уьш КІамхІамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кІант Йохьан а, цуьнца ХІушаІ-ЯхІун кІант Язан-ЯхІу а, иштта кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дахара. Цара Ярми-ЯхІуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь.
Выбор основного перевода