Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хІокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кІелхьарбаьхначаьрца а. Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гІаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхІун кІентан Шалам-ЯхІун кІанта Йираъ-ЯхІус Ярми-ЯхІу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла. Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». Рама-гІалахь Бавелан паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дІалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тІаьхьа, Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дІабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера.
Выбор основного перевода