Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра.
Выбор основного перевода