Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тІом бан вахара. Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгІачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. Наху-пирІуно, Ярушалаймехь ЯхІу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь набахти чу воьллира. Наху-пирІуно гІуда такхар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Шена ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирІуно яхІудхошкара. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Берриш а хьан зударий а, бераш а, дІа а бигина, хашадхошна дІалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хІара гІала цІарца ягор ю». Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“»
Выбор основного перевода