Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо олалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кІентан Ацал-ЯхІун кІант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цІийне. Паччахьо элира: ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь дитинчу халкъана тІехь куьйгалхо вина дІахІоттийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а. Гадал-ЯхІус, царна а, церан нахана а хьалха, чІагІо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду». Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. ТІаккха динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а, тІе а дуьллуш, цо элира: Амма Шапанин кІант Ахьикхам Ярми-ЯхІуна тІехІоьттира, цундела иза халкъан кара дІа ца велира, цаьрга ца вейтархьама. Ярми-ЯхІу гІаролхой болчу кертахь Іийра, Ярушалайм дІалоцу де тІекхаччалц. Ярушалайм дІалацар иштта дара. Рама-гІалахь Бавелан паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дІалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тІаьхьа, Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дІабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера. ГІаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхІу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хІокху меттигна хІара бохам бийр бу аьлла. Ткъа хІинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгІна дела а. Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хІокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дІаван лаахь, дІавола, аса Іуналла дийр ду хьуна тІехь. Нагахь хьайна цига дІаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХІара дерриг а латта хьуна хьалха Іуьллуш ду, хьайна луъучу метте дІаваха пурба ду хьуна». Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. Ярми-ЯхІу МицІпа-гІалахь сецначу Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.
Выбор основного перевода