Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІашка Аса дІалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дІахІуьттур ду. Аса яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дІалур бу, и эскар хІинца шуьца тІом беш долчуьра юхадаьллехь а. «СагІа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таІзар дийр ду элашна а, паччахьан кІенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тІе духучарна а.
Выбор основного перевода