Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа. qac Іqac*азапера Везачу Эло мехах паргІатвоккху Шен ялхо. Шех тешна Іаш берш Цо бехке ца бо. Везачу Эло царна гІо а до, уьш лар а бо. Іесачарах Цо уьш паргІат а боху, царах Цо уьш кІелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а. И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу. ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“».
Выбор основного перевода