Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Іариба-тогІи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агІор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахІаб а вукху агІор яра. ГІала чІагІъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхІус: доьхна долу пенаш а меттахІиттийра, пенашна тІехула бІаьвнаш а хІиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дІахІоттийра, Даудан гІали чу йогІуш йолу Милло цІе йолу терхийн басенаш чІагІ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. ТІаккха кадечун а дІавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тІемалочуьнга а шен дахар кІелхьардаккхалур дац.
Выбор основного перевода