Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш. тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Тхан лулахошка емалдайта дІадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дІадели Ахь тхо. Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дІахІиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дІахІиттий Ахь тхо. Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цІийнан куьйгалхой. Аса дІаелла Якъубан тІаьхье, иза хІаллакьяйтархьама, Аса дІаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама». Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхІудхоша, царах масал а далош, шаьш неІалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цІергахь вагийна волчу ЦІадукъ-ЯхІуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’. Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгІира, шайн къомах болчарна паргІато а луш. Цундела Аса паргІато лур ю туьрана а, Іожаллин уьнна а, мацаллина а, – боху Везачу Эло, – шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Іадийна лаьттар ю.
Выбор основного перевода