Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тІеман хьаькамаша, Ярушалайм-гІалина тІе а гІоьртина, цунна го бира. ТІаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гІалина тІевеара, шен тІеман хьаькамаша гІалина го бинчу хенахь. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. «Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина, ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа? И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхІу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дІабигинчул тІаьхьа. Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. Цо хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тІекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. Юши-ЯхІу – Яхун-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дІадигна хилла.
Выбор основного перевода