Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама!
Выбор основного перевода