Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь: Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тІе тІом а, мацалла а, Іожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дІахІиттор бу. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. Ярми-ЯхІус церан Везачу Дала шега дІаала мел аьлларг дерриг а халкъе дІаэлира. ТІаккха ХІушаІ-ЯхІун кІанта Іазар-ЯхІус а, Къаьрхьин кІанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кІоршамечу наха а Ярми-ЯхІуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дІа ма гІо“ – ала. Нери-ЯхІун кІанта Баруха хьо тхуна дуьхьалвала иракара ма хІоттийна, тхо, хашадхойн кара дІа а делла, цаьрга дайъийтархьама а, я Бавел-махка йийсаре дІадигийтархьама а». Иштта Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхІуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгІира. Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман массо а хьаькамаша а, шаьш дІасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхІуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дІадигира. ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира. Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. Тахьпанхьас-гІалахь Ярми-ЯхІуга хІара хаам кхечира Везачу Элера: «Масех боккха тІулг а лахий, Тахьпанхьас-гІаларчу пирІунан цІенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дІадохка уьш, берриг а яхІудхочунна гуччохь. Ахьа и хІума деш гуш болчу яхІудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гІант кхузахь Айса дІадоьхкина долчу тІулгаш тІехь дІахІоттор ду. Цу тІулгаш тІехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дІахІоттор ду. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Набухди-Нецара Ана-гІалахь долчу харцделанашна хІиттийна тІулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цІенош цІарца дагор ду’“». Мисар-махкахь Іаш болчу яхІудхошка дІаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхІуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гІалахь а, Тахьпанхьас-гІалахь а, Нуп-гІалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХІара бу и хаам: «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хІинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, царна Іамал а еш, Со оьгІазвахийтира цара. Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цІарах дІаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хІума’. Амма цара пайхамаршка ла а ца дугІура, уьш тергал а ца бора. Шаьш лелош долчух уьш дІа ца бирзира – кхечу деланашна сагІанаш дечуьра ца совцура уьш. Цундела Сан дералла а, оьгІазалла а охьаІанайира, ЯхІуд-махкара гІаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дІадехира, ткъа уьш хІинца а дассаделла лаьтташ ду“. Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІинца а боху: „Шаьш Іожалле далош долу доккха вониг хІунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхІудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хІаллакдо, шайн къоман тІаьхье а ца юьтуш. Шайн куьйгашца бинчу цІушна Іамал а еш, шаьш цигахь Іан дІадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, Со оьгІаз хІунда вохуьйту аша? Шу шаьш хІаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цІе яккхарца неІалт эр ду, царна шу дола хетар ду. Шуна дицделла те шайн дайша а, яхІудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхІуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хІуманаш? Таханлерчу денна тІекхаччалц шу, шаьш кІезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. Мисар-махка кхалха а, цигахь Іан а сацам бина ЯхІуд-махкахь дийна биснарш Аса дІабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дІакхелхар бу! КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хІаллакьхир бу. Наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах Іадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. Аса Ярушалаймана таІзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“». ТІаккха шайн зударша кхечу деланашна сагІанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхІуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой. Цара Ярми-ЯхІуна жоп делира: «Оха ладугІур дац ахьа Везачу Элан цІарах тхуна беанчу хааме. Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хІума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тІе вонаш а ца догІура. Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цІеран а, чагІаран а сагІанаш дохучуьра севцича, тхан хІумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хІаллакдеш дара». Цул тІаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхІуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагІаран сагІанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!» ТІаккха Ярми-ЯхІус шена иштта жоп деллачу дерриг халкъе а – божаршка а, зударшка а – элира: «Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагІанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду. Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гІуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тІехь Іаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цІе яккхарца неІалт олу. Кхечу деланашна аша сагІанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тІебаийтина бу». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Іаш болу массо а яхІудхой, ладогІа Везачу Элан даше! Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чІагІдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цІеран а, чагІаран а сагІанаш дийр ду аьлла йолу чІагІо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чІагІонаш билггал ларъе! Амма ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхІудхой: ‘Сайн сийлахьчу цІарах Ас чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхІудхочо кхин цкъа а Сан цІарах чІагІо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чІагІо йо ас› – бохуш Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. КІеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхІуд-махка, туьрах кІелхьар а бевлла. ТІаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхІудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан. Кхузахь Аса шуна таІзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чІогІа дуйла шуна хоуьйтуш, – боху Везачу Эло, – хІара билгало гойтур ю шуна. Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“».
Выбор основного перевода