Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, Шу Сан къам хилла дІахІуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву». ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца. Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“. Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
Выбор основного перевода