Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
Выбор основного перевода