Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гІуллакхашца доцу тешар эрна дуйла? Цундела, шена чохь са доцу дегІ делла ма-хиллара, гІуллакхашца доцу тешар а делла ду. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсаца тхо хІинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьІна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьІна долу хІума цхьаъ ду: безаман гІуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.
Выбор основного перевода