Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахІима сагІа даккха меттиг кечйира, тІулгаш а дехкина. Царна тІе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тІе шен кІант Исхьакх охьавиллира цо. Урс схьа а эцна, шен кІантана иза хьакха кечвелира иза. Малико элира: «Ма велахь кІант, цунна зе ма делахь. ХІинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтІахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кІант Сан дуьхьа ахь ца кхоор». Іийсана жоп а луш, яхІудхоша элира: «Тхан да ИбрахІим ву». Ткъа Іийсас элира цу яхІудхошка: «Нагахь шу ИбрахІиман хІух делахьара, ИбрахІима дина доллу гІуллакхаш дийр дара аша. Тешар хиларна, ИбрахІима, ша зийча, сагІа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тІеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кІант сагІина дІавала резахилла иза.
Выбор основного перевода