Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хІунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу. Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац. Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хІунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жІарах дІатухур вацара. Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.
Выбор основного перевода