Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила». Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар. Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. Ткъа Делан Йозанаша хІун боху? «ИбрахІим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». Тешар хиларна, ИбрахІима, ша зийча, сагІа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тІеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кІант сагІина дІавала резахилла иза.
Выбор основного перевода