Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. Тхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагІа волчу ИбрахІиман хІуна гуттаренна а дІа а луш? Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Ткъа Делан Йозанаша хІун боху? «ИбрахІим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХІан-хІа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахІим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».
Выбор основного перевода