Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгІира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. Эло, и ялхо тІе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтІера а ваьлла, хьуна дитира. Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ ОьгІазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла. Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтІера ца довлахь». ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».
Выбор основного перевода