Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а. Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дІаваха мегар ду. Сан а, сан ворхІ хьехамчийн а цІарах вахийтина ма ву хьо ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама. Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цІа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагІина делла деши а, дети а хьайца дІадахьа деза ахьа. Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цІенна сагІина дІаделларг а хьайца дІахьо. Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагІий а, Іахарий а иштта кІа а, чагІар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цІийнан кертахь сагІа доккхучу кхерча тІехь и массо а хІуманаш сагІина ло. Хьуна а, хьан накъосташна а тІаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь. Делан цІа чохь гІуллакх дан хьайга дІаелла йолу пхьегІаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дІа а хьой, охьахІиттае. Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цІенна оьшуш мел долу хІума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дІадахьа. Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тІедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Іезара дІадеххнарг, мало а ца еш, дІало. Цхьа бІе гали дети а, пхи бІе гали кІа а, ворхІ бІе чами чагІар а, ворхІ бІе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Іезаре дІадала мега. Стигаларчу Дала Шен цІенна мел дехнарг Цунна леррина дІадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кІенташна а оьгІаз ца вахийта. Кхин цхьа хІума а ду сан хьоьга дІахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цІийнан кевнера гІаролхочуьнгара а, иштта Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац. Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш. Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Іедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таІзар дан догІуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дІаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».
Выбор основного перевода