Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Іезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхІалгІачу шарахь схьабаьхкира. Іезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гІалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гІала схьабаьхкинера пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, хІунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш. Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дІаделира аса. Паччахьо соьца тІемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера. Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгІучаьрга а. Цо уьш Іожаллех а кІелхьарбоху, кхача а ло царна мацалла хІоьттинчу хенахь. qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул.
Выбор основного перевода