Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Іезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхІалгІачу шарахь схьабаьхкира. Цигахь, АхІава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дІаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла. Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш.
Выбор основного перевода