Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша. Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара. Йийсарера юха а бирзина, шайн гІаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Іезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхІалгІачу шарахь схьабаьхкира. «Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхоша а, илланчаша а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дІа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кІенташца а, йоІаршца а –
Выбор основного перевода