Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дІатесна ерг а яло мегар дац цара, хІунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цІена бу. Динан да цІена лара, хІунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагІанаш доху. ЦІена хуьлийла иза хьуна, хІунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цІена ву. «ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагІанаш леррина леладе, Сан еза цІе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. ДІаала цаьрга: „Шун тІаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цІена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагІанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дІаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“. ДІадуьло, дІадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дІа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цІанде, Везачу Элан пхьегІаш лелош дерш!
Выбор основного перевода