Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Оьзначул тІаьхьа аса церан кара хІара дІаделира: дети – ялх бІе шовзткъе итт мазал; детин пхьегІаш – бІе; деши – бІе мазал; Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегІаш а шайга дІаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цІа чу дІаяхьа. Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхІун кІанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхІу Къоцин кІант вара. Берех-ЯхІун кІанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхІу Маши-Забиалан кІант вара. БаІнин кІанта ЦІадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира. Къоцин кІентан УръяхІун кІант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цІа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цІийнан маьІигна тІе кхаччалц йолу меттиг яра. левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цІийнан арахьара беш болчу балхана тІехІиттийна хилла;
Выбор основного перевода