Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Дикка хан яьллачул тІаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гІалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхІун кІант волчу Іазар-ЯхІун кІентан Сари-ЯхІун кІант волу Іезар. Іезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхІалгІачу шарахь схьабаьхкира.
Выбор основного перевода