Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Іезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гІалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гІала схьабаьхкинера пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, хІунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цІа дохийначуьра юхаметтахІотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а тхо хІинца маьршачу пенашна тІехьа Іало.
Выбор основного перевода